Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар. ТІаккха доьалгІачу экханах лаьцна бакъдерг хаа лиира суна. И экха вукхарах тера доцуш, къемате ирча дара. Аьчка цергаш а, цІестан мІараш а яра цуьнан. Юуш, отуш, йиснарг когашца хьоьшуш дара иза. Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Іин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву. Кхин а цхьана билгалонан сурт а хІоьттира стигалахь. Боккха цІен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра, хІора коьрта тІехь таж а дара. ХІордан гІамар тІехь хІоьттина Іара и саьрмик. Суна хІорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра. МаІаш тІехь итт таж дара. Цуьнан кортош тІехь Дела сийсазвеш йолу цІераш яра. Делан Са суна тІе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цІечу экханна тІехиъна яра. Цу экханна тІехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цІераш а яра, цуьнан ворхІ корта а, итт маІа а яра.
Выбор основного перевода