Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цул тІаьхьа, къемате ирча а, чІогІа онда а долуш, доьалгІа экха а гира суна буса дуьхьалхІиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагІий дІакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маІа а яра. Со цу маІашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маІашна юккъехула кхин а цхьа жимо маІа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маІа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маІана тІехь бІаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра». Кура а, Іеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Іан бакъо елира цунна. Дела а, Делан цІе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Іеса къамелаш дан долийра цо. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира. Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
Выбор основного перевода