Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь, Сайн безачу лам тІехь». Везачу Эло билгалдаьккхинарг дІакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кІант ву, тахана Хьан Да хили Сох. Деха соьга, тІаккха Ас лур ду хьуна тІаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц. Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гІожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегІа санна». Кхетийша, паччахьаш! Іамийша, дуьненан куьйгалхой! Везачу Элана Іамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца! Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Ткъа хьуна гІуллакх ца до пачхьалкхаш а, халкъаш а чекхдовллалц хІаллакдийр ду. Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». Цул тІаьхьа Веза Воккхачу Делан нехан карадоьрзур ду паччахьалла. Цара абаделлалц олалла а дийр ду“. Хенара Къано схьаваллалц. ТІаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дІаделира Шен нехан кара. Цул тІаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тІееара. гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». Наха Іийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тІехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КІант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КІант?“» ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода