Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна Іаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. Лаьмнаш дуьнен чу довлале, дуьненан латта Ахьа кхоллале, азалера абаде кхаччалц Хьо ву Дела. Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. Дийнатийн сибат, догуш долу кІегий санна, къегаш дара, хаьштигех тера а дара. Цу дийнаташна юкъахь лелаш цІе яра, иза, ткъес санна, серло етташ яра. ХІора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тІулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Дуткъачу кІадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кІегий схьа а эций, уьш гІалина тІе дІасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дІавахара. Дуткъачу кІадих йина бедарш юьйхина волчу стаге: «Каруб-маликаш долчуьра чкъургашна юккъехь догуш долу кІегий схьаэца», Везачу Эло аьллачул тІаьхьа, и стаг, мархина юккъе а ваьлла, цхьана чкъургана улло дІахІоьттира. ДІахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хІора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тІулгех йича санна лепаш яра. Хенара Къано схьаваллалц. ТІаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дІаделира Шен нехан кара. Цул тІаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тІееара. Іийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дІа а хІоттийна, Адамийн КІант Шен сийлахьчу паччахьан гІанта тІе охьахуун волчу хенахь, Суна тІаьхьахІиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гІанташна тІе охьаховшур ду. Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тІера бедарш, ло санна, кІайн яра. Цунна тІера духар бІаьрг тІе а ца хІуттуш кІайделира, хІокху лаьтта тІехь хІуманаш юьттучу цхьана а стага кІайдийр доцучу тайпана. Цуьнан коьрта тІера месаш, тІаргІа а, ло а санна, кІайн яра. Цуьнан БІаьргаш а дара йогу алу санна. Цу сохьта суна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Іарш, шена тІехь охьахиъна Верг а волуш. Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.
Выбор основного перевода