Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
лом, акхарошна юкъахь уггар ницкъ болуш долу а, цхьана а хІуманах ца кхоьруш долу а; Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тІееанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Муаби-махкана тІехула. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху хІара: ‘Нуьцкъала тІемаш а, месала а, бес-бесара деха пелагаш а долчу доккхачу аьрзуно, Ливанун-лаьмнашка а деана, баганан диттан бохь схьабаьккхира. «И денош дІадевлча, аса, Набухди-Нецара, бІаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахІоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан паччахьалла тІаьхьенашкара тІаьхьенашка ду. Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.
Выбор основного перевода