Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цул тІаьхьа, къемате ирча а, чІогІа онда а долуш, доьалгІа экха а гира суна буса дуьхьалхІиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагІий дІакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маІа а яра. Со цу маІашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маІашна юккъехула кхин а цхьа жимо маІа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маІа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маІана тІехь бІаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра». Кхин а цхьана билгалонан сурт а хІоьттира стигалахь. Боккха цІен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра, хІора коьрта тІехь таж а дара. Хьуна гуш йолу итт маІа – уьш хІинца а олалла дан волавалаза волу итт паччахь ву. Царна хІоранна а цхьацца сахьтехь экханца цхьаьна, паччахьо санна, олалла дан бакъо лур ю.
Выбор основного перевода