Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Со хьоьжуш лаьтташ, суна хезара цу маІо деш долу кура къамелаш. Со хьоьжуш Іачу хенахь и доьалгІа экха дийра, ткъа цуьнан дегІ, кескаш а йина, дагадан цІерга кхоьссира. Цуьнан коьрта тІехь йолчу итт маІах а, шена тІехь бІаьргаш долчу а, кура луьйш бага йолчу а, вукхарал езо хетачу кхечу маІах а лаьцна хаа лиира суна. И яра, шена хьалхара кхо маІа охьа а йожош, керла яьлла маІа. Цу маІо Веза Воккхачу Делан нахаца тІом беш а, царна тІехь толам боккхуш а гира суна, Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таІзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Іедал а хийца гІертар ву иза. И нах цуьнан кара дІалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц. Царах йолчу цхьана маІана тІе кхин цхьа жима маІа елира. Иза къилбехьа а, малхбалехьа а, «къаьсттина хазачу махкахьа» а чІогІа дІасаяьржира. Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тІехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгІазло хиллалц иза тоьлур ву, хІунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду. ТІехьаьжча, и цІоз тІамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тІехь дашо таьжнаш санна йолу хІуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра. Кура а, Іеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Іан бакъо елира цунна. Дела а, Делан цІе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Іеса къамелаш дан долийра цо.
Выбор основного перевода