Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дІадахийтархьама а. ТІаккха бохам тІебогІур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича». Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгІат санна, уьш хьан кара дІабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх кхочушдайтархьама.
Выбор основного перевода