Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа левихой ца богІура шайн дайн тукхамашца багарбинчарна юкъа, Везачу Эло тІедилларца Мусас а, АхІарона а вагарвина волу цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша левихо, церан тукхамашка хьаьжжина, ткъе ши эзар вара (22000). Дерриге а цхьа бутт цул лакхара а хан йолу халкъ дагардича, царна юкъахь боьршачу нахах ткъе кхоъ эзар стаг хилира. Левихой дерриге а Исраилан халкъаца цхьаьна багар ца бинера, хІунда аьлча исраилхошна юкъахь царна лаьттан дакъа ца кхаьчнера.
Выбор основного перевода