Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левин кІентий: ГІиршан, КхахІат, Мерари. Леви бІе ткъе вуьрхІитта шарахь вехира. Цуьнан кІентий бара ГІиршан, КхахІат, Мерари. ГІиршанан кІентий бара Ливани а, ШамаІи а. КхахІат бІе ткъе кхойтта шарахь вехира. Цуьнан кІентий бара Іамрам а, Ицхьар а, Хьеврон а, Іузиал а. Мерарин кІентий бара Махьли а, Мушхьи а. Уьш шайн тайпанашца йолу Левин тІаьхьенаш яра. Іамрам бІе ткъе вуьрхІитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кІант вара – АхІарон а, Муса а. Ицхьаран кІентий бара Кхорахь а, Непаг а, Зикра а. Іузиалан кІентий бара Мишаал а, Элцапан а, Ситар а.
Выбор основного перевода