Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацин дечигах тІорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза. Чухула а, тІехула а цІена деши лаца цунна. ТІорказна тІехула, цунна гонах, дашо сара лаца. ТІорказна йиъ дашо чІуг а яй, беа когахь дІачІагІъе уьш: шиъ цхьана агІор, шиъ вукху агІор. Акацих хьокхий а дай, тІехула деши лаца царна. Хьокхий тІорказан агІонашкахь йолчу чІагарех чекхдаха, цаьрца иза леладархьама. ЧІагарех чекхдаьхна а долуш, гуттар а тІорказца хила деза хьокхий. Царна чуьра уьш дІадаха ца могуьйту. ТІорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама. Дала къинош дІадоху негІар а де цІеначу деших. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза. Туьйсинчу деших негІарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негІарна тІехь шина агІор хила деза. Цхьа каруб-малик цхьана агІор, важа вукху агІор а долуш, и шиъ негІарца дийнна цхьа хІума хила деза. Хьалаайинчу тІемашца негІар дІа а хьулдеш, дуьхь-дуьхьал а, негІарна тІедирзина а хир ду и каруб-маликаш. НегІар тІорказна тІедилла. ТІорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка. Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». «Акацих стол е ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. «ЦІеначу деших стогар бе. Цуьнан бух а, гІад а, цу тІехь хуьлу зезагаш а (зуьгалгашца а, зазанашца а) цхьана декъах туьйсина хила деза. Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а шаршу кечъе, тІехь говзачу суьрташца юьйцина йолу. «Акацих сагІа доккху кхерч бе. Иза беакІов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. «Акацих хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бе. АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза.
Выбор основного перевода