Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Іахар а белла, паргІатъяккха. Ткъа ахь иза паргІат ца яккхахь, цуьнан ворта кагъе. Иштта, хьалха винчу кІантана тІера а мах бала беза. Везачу Эло тІедилларца Мусас а, АхІарона а вагарвина волу цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша левихо, церан тукхамашка хьаьжжина, ткъе ши эзар вара (22000). Уьш верриге а шайн цІерашца дІаязбина болчу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу ткъе ши эзар ши бІе кхузткъе кхойтта стаг вара (22273). Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь.
Выбор основного перевода