Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилхойн хІора хьалха вина кІант а, хьайба а Суна лерина хилийта, уьш Сан ду». доьзалехь хьалха дуьнен чу ваьлла хІора кІант а, боьрша хьайба а Везачу Элана дІало. Вай дІахеца ца лууш дуьхьалваьллера пирІун, тІаккха Везачу Эло Мисар-махкара хьалха дуьнен чу даьлла массо а кІант а, боьрша хьайба а хІаллакдира. Цундела ас Везачу Элана сагІина лерина хІора хьалха дуьнен чу даьлла боьрша хьайба дІа а лой, сайн хьалхара кІант цу мехаца мукъавоккху“. Исраилхойн мел хьалха дуьнен чу даьлла хІума: кІентех а, бежанех а – Сан ду. ХІунда аьлча Аса Мисар-махкахь хьалха дуьнен чу даьлларг, кІентех а, бежанех а, дерриг а хІаллакдинчу дийнахь уьш Сайн дола бехира.
Выбор основного перевода