Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ворхІ эзар пхи бІе боьрша стаг вара (7500). Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш бархІ эзар ялх бІе стаг вара (8600). КхахІатан тукхамна тІедиллинера еза хІуманаш ларъян. Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ялх эзар ши бІе стаг вара (6200). Дерриге а цхьа бутт цул лакхара а хан йолу халкъ дагардича, царна юкъахь боьршачу нахах ткъе кхоъ эзар стаг хилира. Левихой дерриге а Исраилан халкъаца цхьаьна багар ца бинера, хІунда аьлча исраилхошна юкъахь царна лаьттан дакъа ца кхаьчнера.
Выбор основного перевода