Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан четар кхечу метте дахьа дезаш хилахь, иза левихошка хьалаайийта. Нагахь санна и четар охьадилла дезахь, иза левихошка охьа а диллийта. Амма цунна тІе левихойх воцу цхьа стаг тІегІортахь, иза вуьйр ву. Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тІехь оьгІазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу». АхІаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегІаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга. АхІарон а, цуьнан кІентий а къобалбе, шайн динан дайн даржехь лело дезаш долу гІуллакх цаьрга лардайтархьама. И гІуллакх дан левихойх воцу цхьаъ гІортахь, иза вуьйр ву». Иштта, еза хІуманаш лар а е, сагІа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгІаз ца вахийтархьама.
Выбор основного перевода