Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна юкъах доьхкарш а дехка, кортош тІе кІадинан асанаш а яхка, тІаккха царах ерриг а тІейогІучу ханна динан дай хир бу. Иштта АхІарон а, цуьнан кІентий а Суна леррина гІуллакх дан къобалбийр бу ахь. Делан четар кхечу метте дахьа дезаш хилахь, иза левихошка хьалаайийта. Нагахь санна и четар охьадилла дезахь, иза левихошка охьа а диллийта. Амма цунна тІе левихойх воцу цхьа стаг тІегІортахь, иза вуьйр ву. АхІарон! Хьан а, хьан кІентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагІа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тІехьа долчуьнца а доьзна долу гІуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гІуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тІегІортахь, иза вуьйр ву».
Выбор основного перевода