Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилан халкъана юкъара левихой, схьа а къастабай, цІанбе. Ткъа уьш цІанбеш хІара де: къинойх цІанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тІе. Шайн догІмаш тІера берриге а чо дІабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тІера бедарш а йиттийта цаьрга, тІаккха уьш Суна хьалха цІанлур бу. СтаргІа а, цуьнца цхьаьна кІен сагІина лерина деана долчу зайтдаьттанца эдина дама а схьаэцийта левихошка. ШолгІа старгІа къинан сагІина схьаэца ахьа. Левихой гуламан четарна хьалха дІахІиттабе. Иштта дерриге а Исраилан халкъ дІагулде цига. Везачу Элана хьалха дІахІиттабе левихой, ткъа Исраилан халкъе царна тІе куьйгаш дахкийта. Исраилхошна тІера долу шатайпа сагІа санна уьш Везачу Элана хьалха базбайта АхІароне, Везачу Элан болх бан уьш кечбархьама. Ткъа левихошка шайн куьйгаш старгІанийн кортош тІе дахкийта. Царах цхьаъ – къинан сагІа, шолгІаниг – Везачу Элана лерина долу дагоран сагІа даккха деза, левихойн къинош дІадахархьама. АхІаронна а, цуьнан кІенташна а хьалха левихой дІа а хІиттабай, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайа уьш. Цу тайпана левихой Исраилан халкъах дІакъастабе, уьш Сан долахь хилийтархьама. Цул тІаьхьа левихошна пурба ло гуламан четарна уллобаха а, цуьнца боьзна болу болх бан а, хІунда аьлча уьш, цІан а бина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина къобалбина бу. Исраилхошна юкъара уьш Суна лерина схьакъастийна бу. Ас уьш, хьалха дуьнен чу ваьлла волчу хІора исраилхочун метта, Сайн дола баьхна. Исраилхойн мел хьалха дуьнен чу даьлла хІума: кІентех а, бежанех а – Сан ду. ХІунда аьлча Аса Мисар-махкахь хьалха дуьнен чу даьлларг, кІентех а, бежанех а, дерриг а хІаллакдинчу дийнахь уьш Сайн дола бехира. ХІинца Аса Исраилан халкъана юкъара берриге а хьалха дуьнен чу бевллачу кІентийн метта левихой схьаэцна. Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дІадахийтархьама а. ТІаккха бохам тІебогІур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича». Мусас а, АхІарона а, дерриге а Исраилан халкъо а кхочушдира Везачу Эло левихойх лаьцна олуш Мусана тІе мел диллинарг. Левихоша шайн догІмаш а цІандира, тІера бедарш а йиттира. Цул тІаьхьа АхІарона уьш Везачу Элана хьалха шатайпа долу сагІа санна хьала а айира, царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочуш а дира, уьш Далла хьалха цІанбархьама. Иза динчул тІаьхьа левихой гуламан четарца боьзна болу шайн болх бан хІиттира, АхІарона а, цуьнан кІенташа а церан тергам а беш. Везачу Эло левихойх лаьцна Мусана тІедиллина ма-хиллара, дерриг а кхочушдира цара. Везачу Эло АхІароне элира: «Хьо а, хьан кІентий а, массо а левихой а жоьпе озор бу, Со Іаш волчу меттигна дуьхьал аша дина Іеса хІуманаш бахьанехь. Ткъа ахьа а, хьан кІенташа а жоп дала дезар ду динан дайша дечу гІуллакхна дуьхьал дечу Іесаллина. Иштта хьан дайн тІаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кІенташна а гІо дайтархьама. Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кІел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цІа чохь йолчу цхьана а хІуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гІуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тІе а ма ваийта. Иштта, еза хІуманаш лар а е, сагІа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгІаз ца вахийтархьама. Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгІат санна, уьш хьан кара дІабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх кхочушдайтархьама. АхІарон! Хьан а, хьан кІентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагІа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тІехьа долчуьнца а доьзна долу гІуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гІуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тІегІортахь, иза вуьйр ву».
Выбор основного перевода