Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас хьайна ма-гайттара де и цІа а, цу чуьра хІуманаш а». Белшашкахь ийпад дІайоьхкуш ши гур хила беза, цаьрца ийпадан ши агІо цхьаьнатесна хилийта. Ши кхалор е четарна тІехула лаца – цхьаъ цІен басар хьаькхна йолчу уьстагІийн цІоканех, важа хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсигах. Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а шаршу кечъе, тІехь говзачу суьрташца юьйцина йолу. ГІиршанан тІаьхьенах болчу наха, шаьш гІуллакх деш а, хІуманаш дІахьош а, хІара дан деза: гІиршанхоша дахьа деза: чухулара четар а, гуламан четар а, цуьнан кхалор а, цунна тІехула хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсигах йина йолу кхалор а, четарна чуволучу меттехь йолу шаршу а, четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолу шаршуш а, кертан кевнехь йолу шаршу а, цаьрца доьзна долу машшаш а, оцу дерригенна а оьшуш болу гІирс а. Оцу хІуманашца доьзна дан дезаш мел долу гІуллакх а кхочушдан деза цара.
Выбор основного перевода