Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Акацих ирахІиттийна гураш кечде четарна. Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана – цуьнан шина зІакарна, шиъ вукху гурана – цуьнан шина зІакарна. Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агІор долчу гурашна, И кирхьа акацих бинчу беа бІогІамна тІеолла. И бІогІамаш дешица кхелина а, шайна тІехь дашо зІакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тІехь лаьтташ а хила деза. И шаршу дІаолла акацих пхи бІогІам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тІехь дашо мІерий а де, и бІогІамаш тІехІитто пхи цІестан бух а бе». «Мерарин гаранах берш багарбе, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дІаяхьа езаш йолу хІуманаш хІорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бІогІамаш а, цуьнан баххаш а, гонахарчу кертан бІогІамаш а, иштта церан баххаш а, чІагІдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гІирс а, оцу хІуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дІаяхьа езачу хІора хІуманан, цуьнан цІе а йоккхуш, хьесап де.
Выбор основного перевода