Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегІашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хІуманна а тІехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гІуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дІахІоттабайта цаьрга. Исраилхошна тІера долу шатайпа сагІа санна уьш Везачу Элана хьалха базбайта АхІароне, Везачу Элан болх бан уьш кечбархьама. Цул тІаьхьа левихошна пурба ло гуламан четарна уллобаха а, цуьнца боьзна болу болх бан а, хІунда аьлча уьш, цІан а бина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина къобалбина бу. «Иштта ду левихойн бакъонех лаьцна дерг. Ткъе пхи шо а, цул сов а хан йолу хІора левихо Делан четарца доьзна долу гІуллакх дан хІотта веза. Шовзткъе итт шо я цул сов хан йолчара гуламан четар лардарца доьзначу гІуллакх тІехь шайн вежаршна гІо дан мегар ду, амма четарца боьзна болчу балхах лаьцна аьлча – цара и болх бан ца беза. Иштта лела веза хьо, левихойн лардаран гІуллакхе хьаьжжина».
Выбор основного перевода