Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И сагІа динан дай болчу АхІаронан кІенташна тІе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагІа доккхучу кхерча тІехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦІера тІехь доккхуш долчу оцу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела. «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагІина далийначу дийнатна. Иза чІогІа деза сагІа ду. Къинах долу сагІа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагІа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза. Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагІа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧІогІа деза сагІа ду иза. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а лаьцна тІедиллинарг цхьаъ ду: цу сагІанца стага летийна къинош дІадохуш волчу динан дена дІалуш ду иза. Мусас АхІароне а, цуьнан бисинчу кІенташка, ЭлиІазаре а, Итамаре а, элира: «Везачу Элана цІера тІехь даьккхинчу кІен сагІанах дисинарг схьа а эций, цунах дина совсаза бепиг сагІа доккхучу кхерчана уллохь дІадаа, хІунда аьлча и сагІа чІогІа деза ду. Езачу меттехь даа и бепиг, хІунда аьлча иза Везачу Элана цІера тІехь даьхначу сагІанех хьан а, хьан кІентийн а дакъа ду. Иштта тІедиллина суна Везачу Эло. Къинан сагІина а, дийнаташ дагочу сагІина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Іахарна урс хьокхур ду, хІунда аьлча, къинан сагІа санна, къера хиларан долу хІара сагІа динан ден ду. Иза чІогІа деза сагІа ду.
Выбор основного перевода