Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела шайн вежарийн долчух лаьттан дакъа дац левихойн, церан долахь латта а дац. Лаьттан декъан метта Веза Эла ву церан, цаьрга хьан Везачу Дала дІа-ма-аллара.) Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кІентий а, шун йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, иштта шайн гІаланашкахь Іаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). Шайн гІаланашкахь болу левихой биц ма белаш, хІунда аьлча церан долахь, шун санна, шайн лаьттан дакъа дац. ТІаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тІебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгІачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гІуллакхашна тІехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама». «Динан дай болчу левихошна а, дерриг а левихойн тайпанна а лаьттан дакъа кхочур дац Исраилан махкахь. Везачу Элана деанчу сагІанех дакъа кхочур ду царна, цунах хир ду церан рицкъа. Шайн вежаршна-исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна. Церан дакъа Веза Эла ву, Цо Ша цаьрга ма-аллара. Левин тІаьхьенна дакъа ца делира Мусас. Исраилан халкъан Везачу Далла деана сагІанаш ду церан дакъа, Везачу Эло левихошка ма-аллара. Левин тІаьхьенна Мусас дакъа ца делира: Исраилан халкъан Веза Дела Ша ду церан дакъа, Цо цаьрга ма-аллара. ‘Левихошна шерет дийр ду: Со церан шерет хир ду. Исраил-махкахь церан лаьттан дакъа хир дац, церан долахь Со хир волу дела.
Выбор основного перевода