Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш новкъа довлуш, некъан тІоьрмаг а схьа ма эца, шайна тІехь йолу бедаршший, мачашший бен. Іаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца. Оцу цІа чохь Іе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хІунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХІусамаш ма хийца. Шуна хууш дац ткъа, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагІа доккхучу кхерчана тІехь гІуллакх деш болчара а цу сагІина деанчух дакъа шайна дІаоьций? ХІунда аьлча Делан Йозано хІара боху: «Оруш болчу стеран бага дІа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догІу алапа схьаэца хьакъ долуш ву».
Выбор основного перевода