Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхІаронна хьалха дІахІиттабе, цаьрга цунна гІуллакх дайтархьама. АхІаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегІаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІало и левихой. Исраилан тІаьхьенах уьш леррина АхІаронан кара дІабелларш бу. АхІарон а, цуьнан кІентий а къобалбе, шайн динан дайн даржехь лело дезаш долу гІуллакх цаьрга лардайтархьама. И гІуллакх дан левихойх воцу цхьаъ гІортахь, иза вуьйр ву».
Выбор основного перевода