Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вазваран коьмах АхІаронна а, цуьнан кІенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гІогІ а. ТІейогІу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгІат ду, цара бертан сагІанаш дохучу хенахь. Шен куьйгашца цІера тІехь доккху сагІа схьадан деза цо. Шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тІера жижиг. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду. Шатайпа сагІа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гІогІ а даа Далла хьалха цІена йолчу меттехь ахьа а, хьан кІенташа а, мехкарша а, хІунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагІанех долу дакъа ду. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне а, цуьнан кІенташка а исраилхоша Суна къобалдеш долу деза сагІанаш леррина леладе, Сан еза цІе сийсаз ца яйтархьама. Со Веза Эла ву. ДІаала цаьрга: „Шун тІаьхьенах волу цхьаъ, Далла хьалха цІена а воцуш, исраилхоша Суна къобалдинчу дезачу сагІанашна гергакхачахь, Суна хьалхара дІаэккхор ву иза. Со Веза Эла ву“. АхІаронан тІаьхьенах волу цхьаъ чкъуран цамгар йолуш я дегІах тІуналла схьайолуш велахь, цо деза сагІа даа мегар дац, ша цІанваллалц. Еллачу хІуманах хьакхаеллачух куьг Іоьттинарг а, боьршачу нехан тІуналла шех схьаяьлларг а, муьлххачу а текхаргех хьакхавелларг а, боьхачу стагах хьакха а велла, цІена воцург а сарралц боьха хир ву. Цо деза сагІа даа мегар дац, хица шен дегІ диллалц. Малх чубуьзча, иза цІена хир ву, тІаккха цо сагІанех йолу хІума яа мегар ду, хІунда аьлча иза цуьнан кхача бу. Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву. Сан хьехамаш ларбойла цара, шаьш бехке ца хилийтархьама а, тІедиллинарг талхор бахьана долуш ца далархьама а. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со. Хийрачо цхьаммо а деза сагІа даа мегар дац. Динан да волчохь Іачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагІа. Ахча а делла, эцначу а, цуьнан хІусамехь дуьнен чу ваьллачу а лено даа мегар ду и сагІа. Динан дайн тІаьхьенах схьа ца ваьллачу стаге маре яханчу динан ден йоІа дезачу сагІина деанарг даа мегар дац. Бераш а доцуш, йисна я йитина Іаш йолчу динан ден йоІа, шен хІусаме юхаеача, даа мегар ду шен ден бепиг, ша жима йолчу хенахь санна. Ткъа хийрачо цхьаммо а иза даа мегар дац. Цхьаммо ларамаза дезачу сагІанах цхьаъ яахь, цо динан дена и деза сагІа юхаметтахІотто деза, цу тІе цуьнан пхоьалгІа дакъа тІе а тоьхна. Динан дайша шаьш а сийсаздан мегар дац исраилхоша Везачу Элана деана долу деза сагІанаш, бакъо йоцучу нахе уьш даа а даийтина. Цу хІумано уьш бехке а хуьлуьйтур бу, царна таІзар а дийр ду. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со». Стерчий я уьстагІий сагІина деанчу наха динан дайшна дІаяла еза цу дийнатийн хІара меженаш: тІа а, мочхалш а, искиртиг а.
Выбор основного перевода