Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тІехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгІа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац. УьтталгІа дакъа юхаэца лууш волчо цуьнан механ пхоьалгІа дакъа тІетоха деза. Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгІа дакъа Везачу Элан долахь ду. Іуьнан коьжалгана кІел лелачу даьхних хІора уьтталгІаниг Везачу Элана дІакъастийна хила деза. Вон я дика ду хьоьжуш, къесто мегар дац луш дерг, хийца а мегар дац иза. Нагахь цхьаммо иза хийцахь, хуьйцуш долу ший а дийнат Везачу Элана дІакъастийна хир ду, тІаккха иза юхаэца йиш яц“». Шайн Іаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кІен а, керлачу чагІаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгІа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а, ваІданца аша Далла лун мел йолу хІума а, шайн лаамца дІалуш долу сагІанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгІаташ а. Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кІенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш. Варелаш, шайн лаьтта тІехь шу мел деха, левихой дІа ма татталаш. Оха иштта тхайн Делан цІийнан чІоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагІар а, зайтдаьтта а дахьар ду. Ялтех долу уьтталгІа дакъа оха дІалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгІа дакъа схьагулдеш болчу левихошна. Левин тІаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгІа дакъа схьаэца, ИбрахІимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь. УьтталгІа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦІадакъах – иза дийна ву аьлла.
Выбор основного перевода