Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муьлххачу а кІен сагІанах туьха тоха, хьайн сагІа Делаца бинчу бертан туьха ца тухуш ма дита. Муьлххачу а айхьа дахьачу сагІанца Везачу Далла туьха да. Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина деана совгІаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало. Хьан доьзалехь цІена волчу хІораммо а даа мегар ду иза. Шуна хууш дац ткъа, Исраилан Дела волчу Везачу Эло Даудана а, цуьнан тІаьхьенах болчарна а Исраилна тІехь паччахьалла дар гуттаренна а делла дуйла, туьхана тІехь чІагІбина болу барт барца?
Выбор основного перевода