Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас а, АхІарона а, цуьнан кІенташа а шайн меттамотт Делан четаран малхбалехьа агІор, гуламан четарна хьалхахь дІахІотто безара. Царна тІедиллинера Делан четар лардар – иза дерриге а исраилхойн дуьхьа деш долу гІуллакх дара. Ткъа нагахь царна юкъара воцу цхьаъ цунна улло гІоьртича, иза вен дезара. Мусас АхІароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогІу сегІаз а, кхерча чуьра богуш болу кІора а биллина, сихонца халкъана тІе а вахана, ахьа царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, хІунда аьлча Везачу Элера оьгІазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина».
Выбор основного перевода