Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІало и левихой. Исраилан тІаьхьенах уьш леррина АхІаронан кара дІабелларш бу. «ЛадогІа! Ас-Айса левихой хаьржина исраилхошна юкъара хьалха дуьнен чу бевллачу берриге а исраилхойн кІентийн метта. Иштта, левихой Сан долахь хир бу, «Исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу кІентийн метта левихой схьаэца, иштта левихойн бежанийн метта церан бежанаш схьаэца, левихой Сан долахь хилийтархьама. Со Веза Эла ву.
Выбор основного перевода