Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен куьг бежанан коьрта тІе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагІа доккхучо. Динан дай болчу АхІаронан кІенташа сагІа доккхучу кхерчан массо а агІонна тІе цІий тоха деза. Цу бертан сагІанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагІа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). АхІаронан кІенташа цІерана тІе техкинчу дечигашна тІехь долчу дийнаташ дагоран сагІанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тІехь. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. «Шайн бежанех а, уьстагІех а дуьххьара дуьнен чу яьлла йолу боьрша хІума шайн Везачу Далла дІакъастае. Дуьххьарлерчу эсана тІехь болх ма белахь, дуьххьарлера Іахар ма ларгалахь.
Выбор основного перевода