Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. Везачу Эло АхІароне элира: «Хьо а, хьан кІентий а, массо а левихой а жоьпе озор бу, Со Іаш волчу меттигна дуьхьал аша дина Іеса хІуманаш бахьанехь. Ткъа ахьа а, хьан кІенташа а жоп дала дезар ду динан дайша дечу гІуллакхна дуьхьал дечу Іесаллина. Везачу Эло АхІароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со.
Выбор основного перевода