Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІиршанан тІаьхьенах болчарна тІедиллинера гуламан четаран иштта хІуманаш Іалашъян: чухуларчу четаран а, тІехуларчу четаран а, четарна тІехула лаьцначу кхалоран а, четарна чуволучу меттехь йолчу шаршун а, Цара дола дан дезачунна юкъайогІура хІара хІуманаш: Делан тІорказ а, стол а, стогар а, кхерчаш а, четарна чохь гІуллакх дан леррина язйина пхьегІаш а, четаран уггар езачу чоьнна хьалха оьллина кирхьа а, иштта цаьрца боьзна болу белхаш бар а. Мерарин тІаьхьенна дола де аьлларш хІара хІуманаш яра: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бІогІамаш а, цуьнан баххаш а, берриг цуьнан гІирс а. Царна тІедиллинера оцу хІуманашца боьзна болу белхаш бар. АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза. Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхІаронан хІух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу сегІаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама.
Выбор основного перевода