Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхІаронан коьрта тІе дотта, иза къобал а веш. АхІаронна дина деза духарш цуьнан кІенташна дуьсур ду, и духарш шайна тІехь а долуш, уьш, тІе даьтта а дуттуш, Суна леррина гІуллакх дан къобалбархьама. Даздина духарш АхІаронна тІе а дохий, цунна даьтта а доттий, къобалве иза, Суна гІуллакх деш динан да хилийта. Айхьа церан дена тІе ма-доттара, даьтта дотта царна тІе а, Суна гІуллакх деш, динан дай уьш хилийта. И даьтта доттар бахьана долуш церан тІаьхьенаш а хир ю Суна гІуллакх деш, динан дай а хилла». КІен сагІанах диснарг АхІарона а, цуьнан кІенташа а дІадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагІа. АхІаронан тІаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагІа. Церан тІаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагІанах долу дакъа ду иза. Цунах дІахьакхаделларг дерриг а деза хир ду». Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагІа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧІогІа деза сагІа ду иза. Шен куьйгашца цІера тІехь доккху сагІа схьадан деза цо. Шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тІера жижиг. Мохь динан дас кхерча тІехь ягор ю, ткъа некха тІера жижиг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуьсур ду. Бертан сагІанах долу дийнатан аьтту гІогІ совгІатна динан дена дІадала деза. АхІаронан кІентех бертан сагІа, цІий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дІадала деза аьтту гІогІ. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду.
Выбор основного перевода