Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІарон вазваран коьман накха схьа а эций, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайа иза. Вазваран коьмах АхІаронна а, цуьнан кІенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гІогІ а. ТІейогІу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгІат ду, цара бертан сагІанаш дохучу хенахь. АхІаронна дина деза духарш цуьнан кІенташна дуьсур ду, и духарш шайна тІехь а долуш, уьш, тІе даьтта а дуттуш, Суна леррина гІуллакх дан къобалбархьама. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду.
Выбор основного перевода