Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Дала кхоьллина ду Ча а, Орион а, ВорхІ Седа а, иштта къилбехь долчу седарчийн массо куьцаш а. Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху, Цо Іожаллин бода а серлонга боккху. ВорхІ Седа цІе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй? Орион цІе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй? Латта, юргІано санна, Ахьа кІоргачу хица дІахьулдина, гобаьккхинчу хино лаьмнаш а къайладаьхна. Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла, къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана. Лаьмнаш хьаладовлучу хенахь, тогІеш охьайовлучу хенахь, уьш Ахьа царна билгалъяьккхинчу меттиге дІадахана. Ахьа царна тІехдевр доцу доза дІахІоттийна, латта дІахьулдан уьш юха ца дахийтархьама. Ахьа бода дІабаржабо, тІаккха буьйса тІекхочу. И хан тІекхаьчча, евлла лелаш хуьлу массо а хьуьнан акхарой. БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас. Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дІа а хоуьйту, Іуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цІе ю – массо а ницкъийн Веза Дела. Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху сан Хьалдолчу Эло – дийнан делкъехь Ас малх дІахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тІе бода боссор бу. Дала Шена лерина хІусамаш стигалшкахь йина, ткъа Шен стигалан нартол лаьтта тІехь дІахІоттийна. Цо хІордан хиш схьа а гулдо, уьш лаьтта тІехула дІа а Іанадо. Цуьнан цІе – Веза Эла ю!
Выбор основного перевода