Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
«Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агІор дахар а, аьтто а бу. Вукху агІор Іожалла а, бохам а бу. Ас тахана тІекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дІало дахар я Іожалла, декъала хилар я неІалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тІаьхье а яхийтархьама а, qac Сqac*ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де! Цу гІуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш. Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Лехалаш Веза Эла – дийна дуьсур ду шу. ЦІеран алу санна, Иза Юсупан цІенна тІе ма кховдийта. Оцу цІеро иза хІаллакдийр ду. Бетал-гІалахь цхьа а хир вац и цІе дІаяйа. Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тІетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тІе бала богІур ма бац!» – бохуш. Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш.
Выбор основного перевода