Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Ахь мел бинчу кІенташна юкъахь цхьа а вацара хьо дІайига. Ахь мел кхиийначу берашна юкъахь цхьа а дацара хьан куьг схьалаца. ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. Ког а тасабелла, охьакхетар ю кура Бавел, хьалагІатта цунна цхьаммо а гІо а дийр дац. Ас цуьнан гІаланех цІе латор ю, цу цІеро гонах массо а хІума дагийна дІадоккхур ду». qac Аqac*ьшнаш а еш, Хьалдолчу Эло ма кхолий Цийонан йоІ Шен оьгІазаллица! Исраилан халкъан сийлалла стигалара Цо лаьтта тІе охьатеси. Ша оьгІазваханчу цу дийнахь Шен когийн кІело Цунна дага ма ца еа. Цара Шамранан цІуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“ я „Беар-ШабаІан делах дуй боу!“ – олий. И чІагІонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гІовттур бац».
Выбор основного перевода