Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Амма сту сагІина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагІина Іахар боккхуш верг жІаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КІен сагІа доккхуш верг хьакхин цІий сагІина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогІу хІума ягош верг цІунна Іибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гІуллакхех царна там хиларе терра, Исраилхой, баркаллин сагІина лерина долу совсийна бепиг схьада, дІакхайкхаде аша шайн лаамца сагІанаш дохуш хилар, цунах лаьцна, дозалла а деш, дІасадаржаде, ишттадерг шайна дукхадеза дела», – боху Хьалдолчу Эло. «Стенца дІахІотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Іамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагІанца дІахІотта те со Цунна хьалха? Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?» Аша-м кхин а хІара а до: Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана тІе бІаьрхиш Іенадойту аша. Шу делха а доьлху, узарш а до, хІунда аьлча, Веза Эла кхин дІа ца хьожу аша деанчуьнга, Цо шун карара сагІанаш резахиларца тІе ца оьцу.
Выбор основного перевода