Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву. Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“». «Исраилхошна церан къинош бахьанехь Айса таІзар дечу дийнахь Бетал-гІалахь долу сагІа доккху кхерчаш дохор ду Ас. СагІа доккхучу кхерчийн уггар деза дакъош – церан маІаш, хеда а йина, лаьтта охьатуьйсур ю. Дика леха, вон а ца лоьхуш, шаьш дийна дисийтархьама. ТІаккха массо а ницкъийн Веза Дела, аша ма-бохху, шуьца хир ву.
Выбор основного перевода