Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагІоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц. И де боданан а, Іаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дІасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цІазан эскар тІедогІу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тІеяллалц а хир дац. И де – оьгІазаллин де ду, гІайгІанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Іаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де,
Выбор основного перевода