Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Пийлан кІомсарех бинчу маьнгеш тІехь Іохку шу, дегІана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша. Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гІирсаш лело говзалла ю. Цу дийнахь паччахьан цІа чуьра эшарш белхаре йоьрзур ю, – боху Хьалдолчу Эло. – Дукха декъий хир ду. Уьш тийналлехь миччахьа а дІакхуьссур ду». Шун деза денош гІайгІане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дІахІоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тІедухур ду, хІораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кІантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю. „ХІокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
Выбор основного перевода