Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
И бахьана долуш Дела дІавирзира царна тІера, уьш стигаларчу седарчашна Іибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тІехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш даха ма ца дийзира хьан! Ахь Мулка-цІунна лерина четар а, хьайн Делан РамхІаран седа а, айхьа Іибадат динчу цІуйн суьрташ а лелийра. Ахь иза дарна, хьо махках а даьккхина, Бавелал дехьа эккхор ду Ас“. Деланаш боцучу жинашна сагІанаш дохура цара, – хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хІинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна. Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогІа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цІуш дІа ца бехира, я мисархойн цІушна букъ а ца берзийра. ТІаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тІе охьаІано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгІазалла царна тІе яхийта а. хІунда аьлча Исраилан халкъо Сан тІедехкинарш дІа а тоттура, Сан парзаш кхочуш а ца деш, лелара иза, Ас шайна делла долу шоьтан денош а сийсаздохура, хІунда аьлча церан дегнаш шайн цІушна тІегІерташ дара. Иза Аса дира, хІунда аьлча Исраилан халкъо Сан тІедехкинарш кхочуш а ца дора, Сан парзаш дІа а тоттура, Ас шайна делла долу шоьтан денош сийсаз а дохура, шайн бІаьргашца шайн дайн цІушна тІегІерташ а бара уьш.
Выбор основного перевода