Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дІа. ЦІенош дийр ду аша, амма царна чохь Іийр дац шу. Кемсаш югІур ю аша, амма пайда оьцур бац царах. Кемсаш, дІа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагІар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хІунда аьлча нІаьно дІадуур ду уьш. Ашдод-гІалин а, Мисар-мехкан а паччахьийн цІеношкахь Іаш болчаьрга дІакхайкхаде: «Схьагулло Шамран-гІалин лаьмнаш тІе, хьовса уьш мел низам доцуш бу, цара мел бечу ницкъе», – алий. Ас хІаллакдийр ду Іа доккху а, аьхке йоккху а цІенош. Пийлан кІомсаршца кечдина цІенош а хІаллакьхир ду. Дуккха а даккхий цІенош, хІаллак а хилла, дІадевр ду», – боху Везачу Эло. Ахь ялта дІадуьйр ду, амма иза хьокхур дац. Зайтдиттан стоьмех даьтта доккхур ду, амма цунах пайда оьцур бац, кемсех мутта доккхур ду, амма чагІар мер дац. Церан хьал хІонс санна схьадоккхур ду, церан цІенош а дассор ду. Цара цІенош дІахІиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагІар муьйлур дац». Ткъа аша къениг дІатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш?
Выбор основного перевода