Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ХІора шарахь, махкахула волалой, Бетал-гІала а, Галгала а, МицІпа-гІала а кхочуш хилла иза. Цу массо а меттигашкахь исраилхошна юкъахь кхел еш, нийсо еш хилла цо. Шамъала халкъе элира: «Дуьло, Галгала дІагІо вай, юха а паччахьалла дІахІоттор ду вай». «Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гІаларчу езачу метте дІа а гІой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагІанаш даха хІора Іуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгІа дакъа дІало. Цара Шамранан цІуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“ я „Беар-ШабаІан делах дуй боу!“ – олий. И чІагІонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гІовттур бац».
Выбор основного перевода