Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Веза Эла везаш дерш, ма дезийша вониг! Цо Шен долахь болчеран синош лар а до, Цо уьш Іесачеран карара схьа а боху. Хьанна хаьа, дохко а ваьлла, къинхетам бийр бац те Цо? ТІаккха шун таро хир ю шайн Везачу Далла лерина кІен а, чагІаран а сагІанаш даха. Цундела Везачу Эло Исраилан халкъ церан мостагІийн кара дІалур ду, берах йолчо бер даллалц а, халкъах къаьстина вежарий исраилхойх дІакхетталц йолчу ханна. Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тІе догІу кхевссина догІа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Іийр а дац. Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагІийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кІелхьарваккхалур вац. Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш.
Выбор основного перевода