Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Берриг а Сан безачу лам тІехь зен а, зулам а хир дац, хІунда аьлча, хино хьалабузу хІорд санна, Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта. Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хІунда аьлча Сан кІелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю. Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гІело йинарг гІело еш волчух ларве, тІевеаначу стагана гІело ма е, иза дІа а ма тетта, бай а, бисина Іаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цІий а ма Іанаде хІокху меттехь. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гІело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тІера арадаккха ма гІерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар.
Выбор основного перевода