Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. Ас сагІа доккхур дара Хьуна, амма Хьуна ца деза иза. Хьайна лерина дийнаташ дагорна а Хьо реза вац. Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Шу Суна дуьхьалхІитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша. Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! Бутт цІинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бІаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кІадвелла и мохь дІакхехьа. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. ХІунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогІу сегІаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагІанаш, иштта кхидолу шун сагІанаш а Суна тамехь дац».
Выбор основного перевода