Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ГІала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоІаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хІеттахь тІехволуш. ТІаккха БоІаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира. Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хІунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кІант Мика-ЯхІу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхІушаптис. Цу наха дешнашца стаг галвоккху, гІалин кевнехь гІуллакх къастош волчунна кІело йо, эрначу къамелца нийса верг дІатотту. Билггала дерг цхьанхьа а карош дац, ткъа зуламна гена ваьллачунна бохам хуьлу. Везачу Элана гира иза, ткъа Цунна тамехь дацара нийсо цахилар. Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таІзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, – бохучарна.
Выбор основного перевода