Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тІехь дехаш долу халкъ дІакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догІмаш долуш. Эмархойн паччахьна Сихьонна тІе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: «Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гІур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тІе а ца довлуш, гІунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гІур дацара тхо». Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Везачу Эло соьга иштта элира: „ХІан, Ас Сихьон-паччахь а, цуьнан латта а шун кара далар дІадолийна. Хьо а дІаволало цуьнан латта хьайн карадерзо“. Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агІонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гІалин паччахьна Сихьонна а, Іаштаратехь Іаш хилла волчу Башанан паччахьна ІовгІина а динчух лаьцна а. Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, Іаш болчу эмархойн лаьтта тІе далийра Ас шу. Эмархой шух летча, Ас шун кара дІабелира уьш. Шуна церан латта дисира. Ас хІаллакбира уьш шуна хьалха. эмархойн паччахь Сихьон а, Башанан паччахь ІовгІа а, канаІанхойн массо а паччахьаш а. ЦІеро ча дІакхаллар санна а, екъа буц цІеран алунашкахь дІаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дІасадер ду, хІунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дІатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш. «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.
Выбор основного перевода