Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Шен эскар доккха хиларх паччахьо а толам ца боккху. Шен боккха ницкъ хиларх тІемало а кІелхьара ца волу. Дин а бац тешаме стаг кІелхьарваккха, шен боккхачу ницкъаца а кІелхьарвоккхур вац цо иза. Кхин а суна гира стигална кІел долу иштта хІуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тІамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хІораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду. Мелхо а, аша боху: «Говрашкахь девдда дІагІур ду тхо». ХІаъ, шу девдда дІагІур ма ду! Аша боху: «Чехкачу говрашкахь тхо девдда дІагІур ду». ХІаъ, амма шуна тІаьхьабевллачеран говраш кхин а сиха хир ю! Шух эзар водур ву цхьана мостагІчо шуна кхерам тесча, ткъа царах пхеаммо шу массо а водуьйтур ву. Шун эскарх хІумма а юьсур яц, гунна буьххье йоьллина тІехь байракх йолу гІаж санна кІезиг берш бен. Иштта боху Везачу Эло: «Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча, шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а, ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза. Веза Эла сагІа доккхучу кхерчана уллохь гира суна. Цо элира: «Делан цІенна хІиттийначу бІогІамашна тІе, баххаш ластийттал, хІума тоха. И бІогІамаш массеран а кортош тІе эгаде. Ткъа царах биснарш Ас туьраца хІаллакбийр бу. Царах цхьа а дІа а вадалур вац, цхьа а кІелхьар а валалур вац.
Выбор основного перевода